Семинар. Информация
29.11.2025Лахьанан беттан 29-чу дийнахь Т1ехьа-Мартанан к1оштан №1 йолчу ишколехьд1айаьхьира «Отбор оценочных материалов для четвертных и триместровых контрольных работ» ц1е йолчу темина семинар. Семинар кечйинераТ1ехьа-Мартанан к1оштан нохчийн меттан, литературин регионан методиста АрхиеваАйманис. Семинарехь дакъалоцуш бара к1оштан йарташкара къона а, ишттазеделларг долу хьехархой. Архиевас дийцира четвертан контрольни белхаш кечбархлаьцна. Презентацех пайда а оьцуш, гайтирамасех талламан болх. Талламан белханкритереш х1отторах а, белхан къепе нисйарха дийцира.Хьехархой тобанашка а бекъна, практически болх кхочушбира, болхкхочушбаран алгоритм а х1оттийра. Белханпрограммех пайда а оьцуш, х1ора тобано шах1оттийначу талламан белхан мах хадийра. Хьехархойн кхолладеллачу хаттаршнажоьпаш луш, болх биначул т1аьхьа, йерзийра семинар.
(Семинарехь дакъалаьцначу хьехархойнсписок т1ейуьллу).
Хаам кечбинарг: Архиева А.М.