Проектирование учебного занятия
03.10.2025
Лахьанан беттан 1-чу дийнахь Т1ехьа-Мартанан к1оштан №5 йолчу ишколехь д1айаьхьира «Проектирование учебного занятия в соответствии с требованиями ФГОС в условиях средневзвешенного оценивания» ц1е йолчу темина семинар. Семинар кечйинера Т1ехьа-Мартанан к1оштан нохчийн меттан, литературин регионан методиста Архиева Айманис. Семинарехь дакъалоцуш бара к1оштан йарташкара къона а, иштта зеделларг долу хьехархой. Архиевас дийцира ФГОСан лехамашца урок х1оттош среднезвешенни мах хадорах лаьцна. Презентацех пайда а оьцуш, гайтира эл.журналах пайдаэцар, Оцу чохь билгалдаьхначу 42 балхах ночийн меттан, литературин урокашкахь муьлха белхаш схьаэца мегар ду а. Методически рекомендацеш йовийтира, оцу т1ера коьрт-коьртаниг билгал а доккхуш, хьехархошка йоьшуьйтуш, йийцаре йеш, болх а бира. Иштта хьалхарчу семинарехь хилла тестировани а йийцира, цуьнан жам1ех, хьехархой предметан дефициташ т1ехь болх бан лерина хилар а дозийтира. Хьехархойн кхолладеллачу хаттаршна жоьпаш луш, болх биначул т1аьхьа, йерзийра семинар.
(Семинарехь дакъалаьцначу хьехархойн список т1ейуьллу).
Хаам кечбинарг: Архиева А.М.