Анализ результатов оценочных процедур
19.09.2025
Товбецан беттан 19-чу дийнахь Т1ехьа-Мартанан к1оштан №5 йолчу ишколехь д1айаьхьира «Анализ результатов оценочных процедур, проведенных в 2025г.» ц1е йолчу темина семинар. Семинаран куьйгаллехь йара Т1ехьа-Мартанан к1оштан нохчийн меттан, литературин регионан методист Архиева А.М. Семинарехь дакъалоцуш бара к1оштан йарташкара къона а, иштта зеделларг долу хьехархой а. Архиевас, презентацех пайда а оьцуш, анализ йира д1адаханчу дешаран шарахь регионехь а, иштта Т1ехьа-Мартанан к1оштахь а дешархоша ОГЭ д1айаларх. Анализехула билгалдаьккхира карарчу дешаран шарахь ОГЭ-на кечам беш муьлхачу теманашна т1е къаьсттина тидам бахийта беза. Сема1ашкара №2 йолчу ишколан нохчийн меттан хьехархочо, ОГЭ-н белхаш талларан эксперта Касумова Мадинас дийцира мича кепара д1адахьа деза хьехархоша ОГЭ-н жима йозанан болх а, сочинени а таллар, йийцаре йира таблица №6.Архиевас дийцира дешаран шо чекхдолуш ШТБ(шеран талламан болх) хилале, цунна дешархой кечбеш, урокашкахь оцу балха т1е тидам мича кепара бахийта беза. Иштта дийцаре дира чоьхьаваларан талламан белхаш а, четвертан талламан белхаш. «Йешаран проект» йийцаре а йеш, хьехархойн кхолладеллачу хаттаршна жоьпаш луш, болх биначул т1аьхьа, йерзийра семинар.
(Семинарехь дакъалаьцначу хьехархойн список т1ейуьллу).
Хаам кечбинарг: Архиева А.М.