ОГЭ по чеченскому языку
23.11.2024
Лахьанан беттан 22-чу дийнахь Т1ехьа-Мартанан к1оштан №5 йолчу ишколехь д1айаьхьира "Целеполагание и планирование результатов образовательного процесса на учебном занятии по чеченскому языку и литературе. Методический разбор задания №3 (Пунктуационный анализ) ОГЭ по чеченскому языку" ц1е йолчу темина семинар.Семинар д1ахьош йара Т1ехьа-Мартанан к1оштан нохчийн меттан, литературин Регионан методист Архиева А.М. Семинарехь дакъалоцуш бара к1оштан йарташкара къона а, г1о-накъосталла оьшу а хьехархой. Архиевас довзийтира мича кепара хила деза урокехь 1алашо х1отторан хьесапаш.Презентацех пайда а оьцуш, даьстира 1алашо х1отторан некъаш. ОГЭ-н шолг1ачу декъан пунктуацин заданеш т1ехь болх а бира. Кхочушбайтира талламан болх. Иштта хьехархошна йовзийтира "Йешар" проект кхочушйаран нохчийн меттан, литературин хьехархочун белхан алгоритм. Хьехархойн кхолладеллачу хаттаршна жоьпаш деллачул т1аьхьа, йерзийра семинар.